Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха церан цІенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дІалур бу. Аса Сайн куьг тІедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таІзар дархьама, – боху Везачу Эло. – КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло. Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. Уьш Іебар доцу а, сутара а жІаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Іуй бу: массо а шен новкъа дІавирзина ву, хІора а шена пайда лоьхуш ву. «Пайхамарш а, динан дай а Іеса бу, – боху Везачу Эло, – ур-атталла Сайн цІа чохь а церан Іесалла хааелла Суна.
Выбор основного перевода