Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду. Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дІакхиссина! Церан гаьннаш а кІайделла. «Лаьтта тІера дерриг хІума а дІадойур ду Ас, – боху Везачу Эло. – Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тІевахара. Амма цунна тІехь, гІаш доцург, цхьа а стом бацара. ТІаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тІе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дІахІоьттира. Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.
Выбор основного перевода