Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегІ дагаро дІалаьцна. Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гІерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. Иза шайна гича, дегор ду халкъаш, бос а байна, дІахІуьттур ю массеран а яххьаш. Иза талораш дина, яссийна, хІаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла.
Выбор основного перевода