Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ? Цуьнан вортана ахьа йина те кхес? Ахьа и говр, цІоз санна, кхийсайолуьйту те, ша чІогІа хур дарца адам кхера а деш? Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу. Иза шен ницкъ ма-хуьллу тІамтІе хьаьдда йоьду. Иза кхерамах йоьлуш хуьлу, цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу, ткъа туьрах иза дІа ца къехка. Іад-ботт ду цуьнан агІонна тІехь декаш, къегаш ду гоьмукъ а, цамза а, шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта, ткъа, коьман маІан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало. Шена коьман маІан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тІом болу меттиг а, тІемалойн хьаькамийн аз а, тІеман цІогІа а. Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама. Пен тобан, пенна Іуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дІахІотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хІаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра. ХІунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хІинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагІий санна? Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Іибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хІуманех дІа ца дирзира. Цара Іамал йора жинашна а, деших а, детих а, цІастанах а, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушна а, царна хІумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а.
Выбор основного перевода