Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Олхазарш чохь долу цІелиг санна, церан хІусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. «Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас?
Выбор основного перевода