Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. ХІумма а боцучу цІуйн сийдийраш бІаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Іаш ву. Юха ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхІу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХІун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла. Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дІахаийта: генарчу махкара эскархой тІегІерташ бу, ЯхІудан гІаланашна тІе тІеман маьхьарий хьоькхур ду. ХІунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна? Хьо цхьа а кІелхьарваккха ницкъ боцучу тІемалочух тера ву. Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву, Хьан цІе тхуна тІехь лаьтташ ю. Ма дитахьа тхо Хьайгара гІо доцуш!
Выбор основного перевода