Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. Веза Эла, кхоччуш дІатеттина те Ахьа ЯхІудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чІогІа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хІума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тІекхочу. Кхелехь къасто дезачу хьан гІуллакхна гІайгІа бан цхьа а вац, хьан цамгар дІаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац. ГалІаде а гІой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хІунда аьлча хьуна хила дарба дац.
Выбор основного перевода