Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара». Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дІаьвше хи а малор ду. Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тІе гІоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дІагІо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кІелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду». qac Дqac*Іовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна. qac Жqac*ирга хетачу стиман ІаІар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш. Стимаца эдина долу чагІар малийта гІоьртира уьш Іийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тІаьхьа, иза ца мелира. Цу седанан цІе «сагал-буц» ю. ТІаккха Лаьттан хийн кхоалгІа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.
Выбор основного перевода