Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Везачу Эло халкъана тІе дІаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. Церан дІовш лаьхьанан дІовш санна ду. Иза шен лергаш дІакъовлуш болчу, къорачу лаьхьанан дІовш санна ду. Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз, молханаш лелош верг мел говза велахь а. Нагахь хьан олахо хьуна оьгІазваханехь а, цунах дІа ма вада. Хьан тийна хиларо, цуьнан даккхий гІалаташ дІа а хьулдеш, сатедан тарло.
Выбор основного перевода