Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Іожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара. И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чІогІа цунах сакъераделла. Цундела со садукъдина валар гІоле яра, хІокху сайн дегІа чохь со вехачул. Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хІунда аьлча сан дахар эрна ду. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тІехь дехар ду». Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. Цу деношкахь адамаша шайна Іожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дІадовла луур ду, амма Іожалла царах йодур ю.
Выбор основного перевода