Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогІуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара. Ахь латта ластийна, Ахь иза дохийна. Цуьнан йоьхна меттигаш меттахІиттаехьа, хІунда аьлча иза лесташ ду. Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаІала дІакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кІентий а, зудабераш а. ЛадогІа, хІун боху Дан-гІаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг. Хьайн дералла охьаІанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тІе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тІе. Цара Якъубан тІаьхье дІакхаьллира, цаста а цестина, и къам дІа а кхаьллина, иза Іаш болу мохк бассийна цара. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду.
Выбор основного перевода