Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагІа доккхург хІаллакве. ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу.
Выбор основного перевода