Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза. Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. Дукха дезачу шайн берашна шаьш гІайгІанехь хиларна, шайн коьртара месаш дІаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.
Выбор основного перевода