Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча». Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. Шун Везачу Дала шайна тІедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тІехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а». Исраилан халкъ, ла а догІа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тІехь, шун дайн Везачу Дала шуна чІагІо ма-ярра. Оцу бертан тІедожорш Аса шун дайшна тІедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догІий, Аса шуьца бинчу бертан тІедожорш кхочуш а де, Аса шуна тІедехкинчуьнга хьаьжжина. ТІаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву. Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш.
Выбор основного перевода