Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Ярми-ЯхІу, оцу нехан дуьхьа доІанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хІумма а ма деха, хІунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дІахезар дац». Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тІаккха цо доІа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тІера деха ца боху аса.
Выбор основного перевода