Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» ХІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДІаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дІавеача а, Ас атта хІаллакдийр дара шу. Шайна тІера дашо хІуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хІун дан деза“». Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан – иза аьрха халкъ ма ду! Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза.
Выбор основного перевода