Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. Аса шу токхечу лаьтта тІе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хІуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира. Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира.
Выбор основного перевода