Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Цо элира: «Яздина ду: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». Іийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».
Выбор основного перевода