Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь дохучу сагІанашна дуьхьал эр дац Ас хІумма а – хьан дийнаташ дагоран сагІанаш гуттара а ду Суна хьалха. ХІетте а, Ас хьан цІентІера стерчий а схьаоьцур дац я хьан гІотанашкара бежалой а тІеоьцур яц. ХІунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду. Лаьмнаш тІера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха. Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хІунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хІума а. Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цІий молуш ву ткъа Со? Ахьа Далла сагІина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». «Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета.
Выбор основного перевода