Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гІалин кевнехь гІуллакх къастош волчунна кІело йо, эрначу къамелца нийса верг дІатотту. Якъубан тІаьхье а, Исраилан тІаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогІа Везачу Элера болчу хааме! Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гІой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дІахІотта, яхІудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа. Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. Нисде шайн некъаш а, шайн гІуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогІа. ТІаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара.
Выбор основного перевода