Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгІна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тІе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаІална сагІанаш а дохуш, цара Со оьгІазвахийтина».
Выбор основного перевода