Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дІатеттира. ЯхІудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира! Юсупан тІаьхье дІатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира. Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш. Дала таІзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дІакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду!
Выбор основного перевода