Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Сан халкъо Сан озе ла ца дугІура, Исраилан халкъ Суна къера хила лууш а дацара. Цундела Ас цуьнга цуьнан даго боххург дойтура, шена луъург а дойтуш, лелийтира. Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со. Ахьа мел динчу воно хьуна таІзар дийр ду, хьан тешнабехке хиларо хьуна тІехдеттар ду. Ойла ехьа, хаа ду хьуна, Везачу Элах хьо дІакъаьстина хилар а, Суна хьалха хьо ларамах дуьзна цахилар а, мел вон а, къаьхьа а ду иза». – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тІедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хІокху бертан таІзарш царна тІехьажийра“».
Выбор основного перевода