Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Къона чагІар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргІалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хІинца гІайгІане бу. Вотанашца самукъадаккхар а дІадаьлла, самукъадолучийн гІовгІа а сецна, пондарийн аьзнаш а дІатийна. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду». Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар $яц хьуна чохь. Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Іехийнера массо а халкъаш».
Выбор основного перевода