Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Данан тайпа Микас бинчу цІунна корта бетташ лелла, Делан цІа Шилунехь мел лаьтта. Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хІунда белла техьа пІелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагІийн куьйгех кІелхьара а дохур ду». Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гІовгІа яьккхира, дерриг латта а дегош. И баккхийберан мохь шайна хезча, пІелаштамхоша элира: «Іебархойн агІонехь ма чІогІа маьхьарий хьоькху. И хІун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тІорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла. ПІелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хІума хьалха цкъа а ца хилла! Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таІзарш деш, мисархой хІаллакбина яьссачу аренгахь. ЧІагІ а лой, майра хила, пІелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Іебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!» Уьш чІогІа летира, исраилхой эша а беш. ХІора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цІа вахара. Исраилхой чІогІа эшийра цу тІамехь, ткъе итт эзар гІашло вен а вуьш. Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“».
Выбор основного перевода