Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Оцу массо а гІуллакхел тІаьхьа аш Соьга ла ца догІахь, шун къиношна Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна. Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац. Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду. Цул тІаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь, Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аш къинош леторна. Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Нагахь цул тІаьхьа а, Соьга ла а ца дугІуш, шу Суна дуьхьалдовлахь, Ас, оьгІазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аша къинош леторна. Шайн кІентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Шун латта дассор ду Ас, цу тІехь баха охьахевшина шун мостагІий цецбовллал чІогІа. Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. ТІаккха ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаІаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагІийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоІур ду. ДІатесна Іуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоІур ду, шу цунна тІехь Іаш долуш, шена садаІа дІа ца еллачу ханна. Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. Кхечу къаьмнашна юкъахь Іаш а долуш, дІакхелхар ду шу, шайн мостагІийн лаьтто дІа а кхаьллина. Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу. ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгІазло дІакхоьхьур ю, сан гІуллакх цхьалха а даьккхина, суна тІехь Цо кхел яллалц. ТІаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.
Выбор основного перевода