Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гІерта. Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа». «Аса Со чохь Іаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дІатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагІийн кара дІаделла. Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тІехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цІушна Іамалъяр. Ма бала богІур бу хьуна тІе, Ярушалайм. Ма кестта цІанъелла дІахІуттур яц хьо».
Выбор основного перевода