Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Ярми-ЯхІу, оцу нехан дуьхьа доІанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хІумма а ма деха, хІунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дІахезар дац». И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгІна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тІе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаІална сагІанаш а дохуш, цара Со оьгІазвахийтина». Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Іушна кІелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дІаловчкъа меттиг хир яц. Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
Выбор основного перевода