Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тІехь лаьтташ йолчу Іанатот-гІаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхІун кІентех волчу а Ярми-ЯхІун ду. Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхІу, гІаш болчаьрца хьодуш а хьо кІадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо? Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча, Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хІун дийр ду ахьа? Ур-атталла хьан гергарчара, – хьан ден цІийнах болчара, – ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а». Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш.
Выбор основного перевода