Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа со Делан цІа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тІейогІучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву. Хьажахьа, Хьан мостагІий бу карзахбевлла, Хьо ца везачу цара шайн кортош хьалаайина. Цо царна тІеюттура Шен оьгІазалла а, тІеман къизалла а. Цуьнан оьгІазалло, цІеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тІе ца ийцира цара иза. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагІатта цунна цхьаммо а гІо а дийр дац. Ас цуьнан гІаланех цІе латор ю, цу цІеро гонах массо а хІума дагийна дІадоккхур ду». Зайт-диттана тІе, шен долу гаьннаш дІа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тІедогІаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тІедоьгІна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дІакхетта. Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дІахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила.
Выбор основного перевода