Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ. Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаІала дІакхоллура тхан дайша мел гулдинарг – церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кІентий а, зудабераш а. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагІа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дІахІиттина. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо.
Выбор основного перевода