Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан да волчу Хьалкхи-ЯхІус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цІа чохь». Хьалкхи-ЯхІус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дІадийшира. Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цІенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цІа тодеш белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн кара дІаделла». ТІаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. Товрат-хьехамийн тептар тІера дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: «Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. Паччахь Везачу Элан цІийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхІуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тІекхаччалц. ТІаккха паччахьо Везачу Элан цІенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тІера дерриге а дешнаш дІадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дІа а хозуьйтуш. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан.
Выбор основного перевода