Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Хьо хьала ма велира цу ламанан боххье, йийсарехь болчарна хьалха а хІуттуш. Адамашкара Ахьа, Веза Эла, совгІаташ тІеийцира, ур-атталла Хьо вехачу шахьарна дуьхьалбевллачийн карара а. «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, и къоман дуьхьа Соьга доІанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хІунда аьлча Суна хьан доІа хезар дац. Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кІелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доІанаш ма де.
Выбор основного перевода