Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. «Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогІахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тІаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваІда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. Цо Якъубана иза чІагІдира парз санна, Исраилана – гуттаренна а болу барт санна. Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цІийнан хІуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хІокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цІарах аьлла долу дешнаш! Ахьа царна хІара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чІагІо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду.
Выбор основного перевода