Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Ахь доьгІна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду. «Ярми-ЯхІу, ахьа яхІудхошка хІара дІадийцича, цара хьайга: „ХІунда хІоттийна тхоьга Везачу Эло хІара боккха бала, тхоьгара хІун даьлла, Везачу Элана хьалха хІун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь, ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дІаяханчу заманашкахь шун дай Сох дІаберзар бахьана долуш хилла, – боху Везачу Эло. – Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дІа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора. Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду.
Выбор основного перевода