Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъана тІе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тІедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дІаяздира. ШолгІачу Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, лома кІелахь сагІа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цІарах цхьацца тІулг а биллира. Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагІа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагІанаш дохура. ТІаккха, стерчий а дайина, барт баран сагІанаш а дохура. Мусас дийнатех даьлла ах цІий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагІа даккха меттиг тІадийра. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. ХІунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара. Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагІанех а, вукху сагІанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“.
Выбор основного перевода