Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала, хІаллаквина, дІавоккхур ву хьо, цІа чуьра аракхуссур ву, дийначийн лаьтта тІера хьан орам а дІабоккхур бу. Цара олу: «Даха а гІой, церан къам хІаллакде вай, кхин цкъа а Исраилан халкъан цІе дага ца яийтархьама». Цуьнан тІаьхье а хІаллакьхуьлийла, шолгІачу тІаьхьенахь хІу хедийла цуьнан. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. ТІаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхІуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Іамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхІуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай». Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. qac Хqac*ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
Выбор основного перевода