Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора дийнахь цхьаьна Делан цІийнан кертахь бара уьш. ЦІеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, ТІаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тІера вола а велла, ваьІначунна Іийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира. Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Іийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цІе йоккхучу цхьаболчу Іилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХІара хабарча хІун ала гІерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахІала Іийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар. Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахІала шен ерриг а хан хьехамаш беш дІахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Іийса ву бохуш. суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,
Выбор основного перевода