Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тІедогІу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХІара ду некъан йисте охьаэгна долчу хІуьнан маьІна. ТІаккха ЯхІудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхІуд Іийсан шийтта векалх цхьаъ вара. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. Суьйренан пхьор дуучу хенахь Іийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамІа-Искархочун кІантана ЯхІудана. ЯхІуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТІаккха Іийсас элира ЯхІуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала». Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеІарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дІа а воьллина, чубогІу нах бу хьуна уьш. Хьо а дІахьур ю хьуна цара». Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхІитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила. Цу массо а хІуманна тІе тешаран турс схьаэца – цІе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дІадайа таро хир ю шун. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода