Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу». «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». И дерриг а дийр ду шуна Сан цІе бахьана долуш, хІунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза. Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду. Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна!
Выбор основного перевода