Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашна а тІе а вахана, Іийса царна дІаваларх лаьцна къамел дира. Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тІе динан дай а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цІе йолу нах а баьхкира. Динан коьрта да Іанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь.
Выбор основного перевода