Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тІаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь, Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жІарах дІатоьхна Іийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна». ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! Іийсас жуьгтийн махкахь а, Ярушалаймехь а динарг ган а гина, цуьнан тешаш ду тхо. Иза вийра, дечигах хьала а оьллина, амма Дала веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвира. Іийса Делан лаамца нахана гучувелира. Цунах лаьцна хир ду аьлларг дерриг а кхочушдича, Иза жІарах дІатоьхначуьра охьа а ваьккхина, къубба чу виллира цара. Амма Дала веллачуьра денвира Иза. ХІунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина». Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.
Выбор основного перевода