Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. ГІайхьази, чу а веана, ЭлишаІана хьалха дІахІоьттира. ЭлишаІа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГІайхьази?» «Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГІайхьазис. ХІинца дуьйна НаІаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тІаьхьенна а тІехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кІайвина, аравелира ГІайхьази ЭлишаІ волчуьра. ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу». Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.
Выбор основного перевода