Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гІароле дІавелира, хІунда аьлча тІееана суьйре а яра, хан а яьллера. ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. Юха малико элира: «ТІе хІума а юха, кога мачаш а юха», – аьлла. Кипас цо ма-аллара дира. «Хьайна тІе бедар а хьарчаяй, суна тІаьхьахІотта», – элира малико. Кипа маликана тІаьххье набахтера аравелира, дерриг а малико деш дерг самах хуьлуш дуйла а ца хууш. Цунна моьттура шена хІоьттинарг цхьа сурт ду. Уьш цхьана гІаролах а, шолгІачу гІаролах а тІех а бевлла, гІала доьдучу аьчка кевнна тІебаьхкира. Ков ша царна хьалха схьа а делладелла, уьш арабевлира. Бехачу урамехула чекхделира и шиъ, юха малик къайладелира. ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира.
Выбор основного перевода