Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. Кипас элира цаьрга: «Шух хІора а Далла тІе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Іийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТІаккха шуна совгІат санна Делан Са лур ду. ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар. тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІара тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву.
Выбор основного перевода