Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан цІийнан кертара Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь лелаш вара Іийса. Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гІуллакхаш дора векалшкахула. Товелла заьІап стаг, Кипиний, Яхьъяний тІаьхьара а ца волуш, вогІура. Инзардаьлла дедда догІу дерриг а адам царна тІаьххье Сулим-паччахьан цІарах йолчу лекхачу бІогІамех йинчу гІишлонна тІекхечира. Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Іаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара. ПахІала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хІуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чІагІбора Везачу Эло. ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара.
Выбор основного перевода