Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. Адамаша жоп делира: «Цуьнан цІий тхуний, тхан берашний тІехь хуьлийла!» Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жІарах дІатоьхна Іийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна». Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Іийсан цІе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
Выбор основного перевода