Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Іалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал. Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. Цундела Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?» ХІунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгІазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.
Выбор основного перевода