Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хІуманаш, схьа а эцна, шайн хІуманаш юккъехь дІалачкъийна цара. Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХІун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа Суна цадаларца а, Суна догІу сагІанаш цадахарца а до. Хьуна тІехь, дерриг а халкъ, неІалт ду, хІунда аьлча аша Суна къола до. Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.
Выбор основного перевода