Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан хьехам тІеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Іийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира. Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хІора денна совйоккхура кІелхьарбохучийн тоба. Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгІна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Іийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира. Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира. Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тІебирзира. Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахІале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Іийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
Выбор основного перевода